Решаем вместе
Не убран снег, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Гимн Чеченской Республики

ТЕКСТ ГОСУДАРСТВЕННОГО ГИМНА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ

(слова Х-А. Кадырова)

Харцоно ц1е тесна, хийла хьо йагарх,
Нохчийчоь ца йоьжна – г1еттина йаха.
Кавказан ткъес хилла – маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина йахь йолчу наха.

Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!
Хьо йоцург Нана йац нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.

Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.
Органан тулг1ено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла!
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!

Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
Хьайн халкъан лерамбар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш, Нохчийчоь йехийла тхуна!

Loading